Буьйсан деш долу ламаз

тах1ажжуд ламаз - пхуьра ламаз динчул т1аьхьа 1уьйра ламаз хан хилаллц мич хена дан мегаш ду, д1авижнехь а, ца вижнехь а башхалла яц, амма цунна ез йолу хан буьйса кхозлог1 декъе яхча ерг ю, амма муха дан деза аьлча, кхи долу муьлхха суннат ламаз санна шиш рака1ат деш ламазаш до ахь хьайна мел луу, тах1ажжуд оли ниятца доьхкуш, ният муьлхха хуманна а дагахь хуьлуш ду, багахь хумма бохуш дац, т1аккха хьайна луучулла шиш рака1ат деш айхьа дича, т1ехьар дерзочу хена, витр оли ниятца доьхки цхьа рака1ат дой дерз докх ахь, цхьа бисмал атхьиг доьши, амма и мас ламаз ду дан дезаш дерг аьлча, цунна уггар лахар болу барам цхьа рака1ат дар бу, ахь тах1ажжуд аьлла, я витр аьлла д1а хоьттина цхьа бисмал атхьиг деш ламаз дича а тах1ажжуд динарг лору хьо, витра - тах1ажжуд цхьан ламази ц1ерш ю уьш, ца деш буьйса йолуьтачулла а воле ду цхьа рака1ат мукъна а дар, амма цунна уггар лакхар барам цхьа болчу 1елам наха 11 рака1ат бу аьлла, амма нийсох дерг хьайна мел луу дан йиш ю 1уьйра ламаз мол кхайк
Back to Top