Фразеологизмы чеченского языка

▪️Ала ца дита – Бехкбаккха хIума ца дита ▪️Ант даккха – ГIалат каро, сакхт даккха; дерт дан ▪️Атта хета – Вай хета; атта ду мотта ▪️Берам баккха – Велха / Елха ▪️БIаьрг бада – Дог дала, чам бан ▪️БIаьрг буза – Iаба, дог реза дан ▪️Бага са а кхаьчна – ТIаьххьарчу гIоранца, кIелвисна ▪️Вота тухучу тIе вала – Кхоччуш къийвала, гIуллакхаш тишдала ▪️ДогIанах ведда чухчари кIел эккха – Цхьана бохамах ведда вукху бохамна кIелаваха ▪️ЖIаьлех хIоз хуьлучу хенахь – Буса: кхаа-деа сахьтана юккъехь ▪️Кулла тIе моьлкъа баьллачу хенахь – дийнахь итт-цхьайтта даьллачу хенахь
Back to Top