Хабаев ИсмаIил. Дагахьбаллам (ненан коша тIехь)
Дагахьбаллам
Ма дукха хан ю-кх, нана, ахь со 1уьйранна г1аттоза. Ахь хьайн довхачу, хьайн ховхачу куьйгашца кечбинчу кхачанах ас батт тохаза ма дукха хан ю-кх. Хьо х1инца кху кертахь 1аш ю...х1инца хьо хаьттина цхьа а ца вог1у вайга.
со, вог1уш ма-хиллара, юха а зерате веа хьо йолчу, хьоьга сайн йоьхна ойланаш йийца, сайна хуьлуш долу цатемаш кху дуьненчохь, сайн г1айг1а, сайн дохковийлар хьоьга далхо... хьо дуьхьала йист ца хуьлу...
Хьан кхалхар-м бекхам санна диси суна.
Хьо соьца ма дика яра, со хьоьца