Межиев Салахь | Нохчийн наной

Гуьржийн яздархочо Александр Казбегис яздо: «Нохчийн зуда массарел маьрша ю, цундела массарел тешаме ю. Шегара цкъа а эвхьазло ца йолуьйту цо, шен боьршачу нахаца маьрша къамелдан бакъо йоллушехь». Дукха ширачу заманчохь дуьйна нохчийн къоман кхетамехь деза хилла йоьIан сий , зудчуьнан сий бохург. Зудчуьнгара даьлларг цIийнна а, цIарна а тIедогIуш эхь хиларе терра, иштта ша-тайпа хилла зударшца латто еза юкъаметтиг а, цаьрца хила беза ларам а. Вайн къоман иесехь дукха масалш ду зударийн, мехкарийн сий бахьан долуш стеган цIий Iаьнна а, стаг хийла сих къастийна а. Зудчуьнан сий дарал доккха хIума лоруш а ца хилла нохчаша. Цундела , зудчо шен корта Iовра боккхуш, леташ воллучу шина боьршачу стагана юкъа шен кортали тесча, мел доккха дов къастош велахь а, и шиъ дIасаволуш хилла. ЙоIа ша до шен дегIан сий. Шен дегIан сий а дойъу йоIа ша. Аганахь дуьйна, аганан иллешца дIабаханчу къонахех масалш дахкош, иштта хилалахь, иштта кхиалахь хьо а бохуш, кхетош-кхиош хилла нохчийн наноша къонахий.
Back to Top