Новый клип на илли “Нана-Нашха“, Сатуев Лёма.

Нана Нашха-нохчийн ага, Деза совг1ат Делера. Хийла мостаг1чо хьо ягий, Т1амца вог1ий арара. Ерда- корта,Нахча хазе, Яй лаьттина Моцкъара. Ч1армах,Т1ийста, Г1ой, Хьижахка Нах багийна Хьайбаха. Яцеб- коьртан когашкара, Сахадийна,ч1угъетташ, Гих-хи дог1у Х1ийлахара, Мокхаз даккъаш хедадеш. Юькъа хьаннаш,бецан цанаш, Т1улгийн лекха ламанаш. Шира б1аьвнаш,маьлха кешнаш, Шал а шийла шовданаш. Турпал Нохчо кхузахь ваьхна Нашхойн лаьттан да хила. Дерриг нохчийн тукхум,тайпа Кху махкара схьадаьлла. Болат туьрах суьйнаш сана, Керла мехкаш луьцуш схьа, Дуьне ма-дду уьш баьржира Дайн кхерч тесна,гена д1а. Нана-Нашха,хьан сий дойла Везчу Дала даима. Адмех юзуш хьо денлойла, Нохчийн къоман ирсана.
В начало