Хабаев Исмаил - Стих про любовь. Лирическая поэзия. Безам.
ЛУО
Со чохь вуйла а,
вижанза сема вуйла а ца хууш,
сайн цIийнан неI йохийна, я кор дохийна,
сайн чу къу валахь, и тергал вийр воцуш,
цо сайга лахь, салам схьа а эцна,
«хьо лаа вуй, накъост» аьлла а,
цуьнга шога вист хир воцуш,
сица паргIат,
тийналлин кийра яханчу буса,
бодашкахь,
коьрта тIехьа диллина ши куьг долуш,
дIатевжина Iара со,
«сатийсамна, и меттара белахь,
эзар шо а дукха хан яц» баьхна йолчу хьан ойла еш,
ахь де дерзош,
тIаьххьара дIатухуш долчу хьан цIийнан неIаран догIано
«ма чIогIа яхъелла-кх, йоI, хIара хьан цхьалла» аьлла,
хьох хIорраза а боккхуш болчу бехках цхьа дакъа
сайга а кхочуш хиларна къера а волуш.
Ткъа арахь цхьа хаза дуьллуш луо дара,
и ас хьох еш йолу ойла санна,
и ойла соьга йойтуш долу хьан дог санна,
кIайн луо.
© Хабаев Исмаил