Жайнаш | Хабаев Исмаил
ЖАЙНАШ
Оцу хьайн къоман вуон х1уманаш ма ч1ог1а гойту ахь оцу хьайн йозанашкахь, и дан х1ун ду аьлла, шега хаьттича, и - суна сайн къам дукхадезар ду-кх, аьллера боху цхьана яздархочо.
Нанас хастийна йо1 нахала а ца яьлла, дас хастийна дин хьалха а ца баьлла, олуш ду. Шен ледарлонаш хьахош хила а деза къам, яханчу хенашкахь шегахь дийлинарш г1алаташ хиллийла а хиина, кхин юха уьш ца дийлийта цунах хьехар а хуьлуш. И хьехар хуьлуш доцчу къоман сатийсам эрна бу. Хьекъал долчу стага уггар хьалха шегахь лоху