Безаман-йоза
«Безаман-йоза»
Хьан цlа а,
хьан цlе а,
лелар а,
йелар а
суна,
хьоме ду паччахьан тоьллачу совгlатал, бlозза...
Дог-кlайчу бераллин куьг лоьцуш лелачу хьуна,
хетарехь, цадевза хlинца а «безаман-йоза»
Хьан дешар..,
йозанаш..,
ахь дlаса кегадо тептарш..,
нийсархой..,
хьо йевзарш совбуьйлу хlора а денна.
Ас хlун до?
хlунда ло сайн даге жоп доцу хаттарш?
Сан эмгаралла а хи санна хӀунда тlехъlена?
Къахьо а, Iуьйранна гlаьттича ахь молуш йолу,
цу кlайчу серашца ладоьгlу мукъам а лерехь,
лараш а..,
бlаьргаш а..,
Iиндагl а..,
хьох доьзна долу
массо а хlума ду безаме суна, схьагарехь...
Хьан аз а,
амал а,
йаппаршца и оьгlазалла..,
эхь хетча муьрг санна цlиэйалар..,
ма ду хьан хаза!
Хьо суна полла бу, кlайн болуш, са-маьрша полла,
дуьненан къизалла йовзанза, кхетанза
лазар.
Дуьххьара хьо гар а хьахийча :
масех бутт,
денош
тlехдевли..,
куьг лаьцча тlехлелха машенех тера...
Сих-сиха йоккху соь хьан цlе а
маьршачу гléно,
ткъа самах-м коьрта чохь хьийзаш бу ойланийн бера...
Коран бlаьрг батlабеш бойнах а чекхлелхаш йолу
цу маьлхан зlаьнаршка хьожий хьо, цхьа маьрша, гlоза?
Иштта цкъа, мlаьргонехь ши дош ду ас йаздийр долуш
дашочу элпашца хьан даг тlе «безаман-йоза»
Минцаев lальви шо