«ДАДИ БЕРЗЛОЙ». 1-ра сери

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу “НЕКЪ“ телерадиокомпанино гайта йолош йу “«ДАДИН БЕРЗАЛОЙ» – ДЕЛАН ЦIАРЦА ХIУМА ДАР“ ц1е йолчу нохчийн дуьххьарлерчу мультфильмийн сериал. Иза уггаре кегийчу берашна т1ера 12-13 шо кхаьчна долчарна а т1ехь лерина йу. Нохчийн хаза г1иллакх-оьздангалла а, доьзалан бертахь долу 1ер-дахар а, оьзда йукъаметтигаш а йуьйцуш, масалшкахь диканиг а, ледарниг а гойтуш, вовшашца муха хила веза а дуьйцуш, Даймахке, нохчийн матте, халкъан культуре безам а кхуллуш йу и мультфильмаш. Шеко йац, уьш вайн т1екхуьучу т1аьхьенна пайден хиларан. Вайн республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзан-Хьаьжас карара шо, нохчийн меттан шо ду аьлла, д1акхайкхийна. Цу мехалчу г1уллакхца доьзна ду “Некъ“ ТРК - но берашна лерина керла мультфильмаш гайтар. «Дадин берзалой» ц1е йолчу нохчийн мультфильман хьалхарчу серига шун хьовса аьтто бу. Официальный сайт ТРК “Путь“ им. А-Х. Кадырова: Официальные аккаунты ТРК “Путь“ им. А-Х. Кадырова в соц.сетях: Telegram - ВКонтакте - Одноклассники - Дзен - #НохчийнМотт | #ДадинБерзлой | #ЧеченскийМультфильм | #Мультики | #ТРКПуть
Back to Top