«Нохчийн литература» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур.

Тахана, кхолламан беттан 17-чу дийнахь, лакхарчу классашкара дика хаарш а, кхоллараллин говзалла а йолу дешархой билгалбахаран Ӏалашонца Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн литература» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур. Олимпиадехь дакъалецира Нохчийн Республикин йерриге а кӀошташкара муниципальни муьрехь толам баьккхинчу 9–11 классийн дешархоша. Цул сов, къовсамехь дакъалаца бакъо йара дӀадаханчу дешаран шеран регионан муьран толамхойн а. Къовсамхоша кхочушдинчу тӀедахкарша толлу дешархойн исбаьхьаллин литературех, халкъан барта кхоллараллех долу хаарш а, кхоллараллин говзалла а. Цара йаьхначу баллашка хьаьжжана, къастор бу «нохчийн литература» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан муьран толамхой.
Back to Top