Люля жаннаш ду лозуш, я джинаш ду ловзош? шо
Цхьана меттехь лаьтташ дац дуьненан хьал, массо хенахь хийцамаш бу д1абоьлхуш: хьала айъинарг охьакхуссу, д1атеттинарг хьалаойъу. Дуьнена юьхь йолошдуьнна Иблисе делла ду дуьненан олалла, хан-зама т1екхаьчча Иблиса доьзална та1зар дарца дуьне ц1анда, Аллах1 Пачхьалла лаьттат1ехь х1отторца. Дуьне декъало хан т1екхаьчна, адам Иблиса тоба а, Аллах1а тоба а хилла, оцу шина тобана юкъахь т1ом бу хилабезаш, дуьне Иблиса тобанах ц1андеш. Хастам бу сийлахьчу Аллах1ана, лааман Да Аллах1 ву, Иблис дац.