Нохчийн меттан эксперташ кечбарна лерина курсаш

Тахана нохчийн меттан эксперташ кечбарна лерина курсаш дӀахьо тӀаьххьара де ду. Эксперташна бевзина талламан лараран коьчалийн дӀахӀоттам а, чулацам а. Ткъа иштта карайирзина пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьарехь регионан предметан комиссин болх кхиамца дӀабахьа оьшуш йолу йерриг маххадоран критереш а, арахецархойн белхийн даьржинчу жоьпаца долу тӀедахкарш талларан методика а.
Back to Top