Хабаев Исмаил - Поэзия Стих (на чеченском) chechen poetry

ДОГ ТIУЛГАХ КЪАЬСТАЧОХЬ Ас хастадо – лам ломана горбахна аьлча, я охьадоьду хи хьаладирзина аьлча суо тешахь а, лазам боцчохь безам карор бу бохучух сайн цатешар. Ас хастайо – дуьхьала хIара доллу дуьне схьаделча а, айса дIалурйоцу сайн синмаршо. Ас хастадо – шайна тIекхоьвдича, къовзош болчу нитташкахь долу доьналла а. Ас хастадо – Нохчийчоь езаш сайх мел кхеттачу цамгарна айса цкъа а лохур доцу дарба. Ас хастабо – ша мила ву ца хаахь а, ша мила вац хаъал оьздачу стеган кхетам. Ас хастадо – ахчанах дохкалуш, амма ахчанца эцалуш доцу сий. Ас хастайо – шен кучан вета баьстина а паргIат ца волуш, къонахчо ларйина нохчийн оьздангаллин лаккхара кеп. Ас хастабо – лаьттан бIаьра а яхана, диттан га а лаьцна лаьттачу йоIа ечу ойланехь хила лааро кхуллуш болу сайн синхьагам. Ас хастадо – ас адамана кхоччуш адам доьвзур ду аьлча, со харцлуьйш ву бохучун бакълер. Ас хастадо – сан дегайовхо мел йолчу шеконех цIанъеш долу, карахь кхокхий дузочу стеган куьйгаш. Ас хастадо – «ДегI дац, кIант, бедарша дохдешдерг.
Back to Top