Хабаев Исмаил - (поэзия, лирика, стих на чеченском) chechen poetry

*** Сан дешнийн полларчий кхин цкъа а хьан даг тlе хийша а гlертар дац хьуна, ас хьоьца кхин цкъа а сайн хазахетар а, сайн халахетар а доькъур дац хьуна, ас кхин хьуна гуьйренах lаба ца туьгу сайн дог а достур дац хьуна, даккхий, оцу йоlана лохьа ша бохуш делладелла сайга дирзина лаьттачу зезагна ас кхин цкъа а жоп а лур дац хьуна, сайн когашна ас кхин цкъа а хьо йолчу валош долу некъаш а даор дац хьуна, аьлча, шайн эшарш ас хьуна адамийн матте гоч а еш, дитта кlелахь вай хийла ладегlначу олхазарийн бlаьрхишца ма дукха суьйренаш йоьлхур яра-кх ас шайна йина ямартло ца лалуш. © Хабаев Исмаил
Back to Top